Р.Кадыров: «Мусаев кхера а лур вац, шайн лаамна тIе а верзалур вац»

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен instagram агIонехь комментареш йира адвокатана Мусаев Мурадана дуьхьал уголовни гIуллакх долоран хьолана. «Талламан комитето уголовни гIуллакх долийна цIеяхханчу Россин адвокатана, юридически Iилманийн докторна Мусаев Мурадана дуьхьал. Дукхах болчу аналитикашна хетарехь Талламан комитетана деза ца делла Буданов Юрий верна бехке веш волу стаг М.Мусаевс бехказа вахар, ткъа иштта кхийолчу гIараевллачу процессашкахь, цу юкъахь Кущевски гIуллакх а долуш, цо майрра деш долу къамелаш», – бохура Кадыров Рамзана.

Вайн республикин Куьйгалхочунна хетарехь тамашийна ду М.Мусаевх шеконаш  кхоллаялар. Адвокатана Iаткъам бан гIертаран санна мах хадон богIу церан. «Мусаевна тIетоьттуш дерш тамашийна бехкаш ду. Россин могIарерчу бахархошна хетарехь иза зеделларг долчу, майрачу, хьекъалечу, юхавер воцчу адвокатана синIаткъам бан гIертар ду», – яздо Кадыров Рамзана.

Цо иштта билгалдаьккхира цхьаболу ницкъаш хIинца а ю. Буданов тупалхо хилла моттийта гIерташ бу. «Хууш ду Будановс дешархо лачкъа а йина, сийсаз а йина, легаш а Iаьвдина йийна хилар. И дарца цо аьшнаш бина российски эпсарш, российски эскар.

ХIетте а, талламо хIинца а хIумма а ца дина Будановн дерриге а зуламаш гучудахарехьа, церан законо билгалбина боллу мах хадорехьа. И даран метта хIинца а цхьаболу ницкъаш цунах турпалхо ван гIерташ бу. Иза цара цкъа а лечкъа а ца дора», – яздо Кадыров Рамзана.

Нохчийчоьнан Куьйгалхо тешна ву М.Мусаевца кхолладелла хьал листарехь нийсо а, закон а бух хилла дIахIуттург хиларх. «Тхо чIогIа тешна ду М.Мусаев кхеро а, адвокат шайн лаамна тIеверзо а ницкъ кхочург цахиларх. Цунна бен а дац шен клиент милла хилча а. Закон ду, цуьнца нийса а догIуш хIора стеган а бакъо ю ша ларван. Ткъа М.Мусаевс, нагахь санна шеца барт бича, шен декхарш хьаннал кхочушдо. Тхо тешна ду кху гIуллакхехь нийсо а, закон а тоьларг хиларх. Цундела оьшуш дац митингаш дIаяхьа а, адамаш вовшахдетта а. И гIуллакхаш митингашкахь а, урамашкахь а къастош. Нагахь санна Мусаев Мурадана корматаллин защита оьшуш хилахь, цуьнан коллегашна дозалла хета деза цуьнан цIе ларъяр, иза бехказа хилар чIагIдар», – билгалдаьккхира Р.Кадыровс.

Мусаев Мурад вайн махкахь а, цул арахьа а вевзаш, дика цIе йоккхуш адвокат, юридически Iилманийн доктор ву. Цо чекхъяьхна Ерригроссин пачхьалкхан налогийн академин, Маймонидан цIарахчу Пачхьалкхан классически академин, Россин МИД-н МГИМО-н европейски бакъонан институтан юридически факультеташ. Иза говзанча ву граждански а, уголовни а бакъонан декъехь, дуьненаюкъарчу бакъонан магистр ву.

(Пайдаэцна Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а пресс-службин хаамех)

Д.АНАДЕВ 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: