ТIеман леррина операци йолайелча дуьйна жигара гIо деш йу РОФ

ТӀеман леррина операци йолайелча дуьйна жигаралла гойтуш йу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахлера Йукъараллин фонд.

Telegram чуьрчу шен каналехь Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана бина оцу хьокъехь хаам.

Цо билгал ма-даккхара, 2022-чу шеран чиллин 24-чохь дуьйна лоруш хилча, тӀеман операцехь дакъалоцучу дáкъошна а, тобанашна а оцу Фондо гӀо-накъосталла дина.

Масала, эцна 989 леррина автотранспорт, шайх 129 машен гӀагӀ диллина а йолуш.

Цул сов, 22 эзар тонна гуманитарин гӀо-орца а дахьийтина.

И гӀо-накъосталла, лакхахь билгалдаьккхина ма-хиллара, тӀеман лерринчу операцехь дакъалоцуш болчу бӀаьхошна дина ду.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: