«АХМАТ» тобанаш Артёмовске дехьайахийта аьлла, В.Путине кехат йаздина Р.Кадыровс

«АХМАТ» тобанаш Артёмовске (Бахмут) дехьайахаран хьокъехь долу кехат йаздина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.

Иза, кхеташ ма-хиллара, Лаккхара Коьрта Буьйранча — Россин Федерацин Президент волчу Путин Владимире йаздина ду.

«Кехат хӀинцале а дӀадахьийтина«, — хаам бина цуьнан хьокъехь Кадыров Рамзана.

Нохчийн Республикин бакъонаш ларйаран органийн буьйранчашца ша дӀайаьхьна кхеташо чекх ма-йаьлла йаздина ду и кехат республикин Мехк-Дас.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: