
Кадыров Рамзана Соьлжа-ГӀалахь тӀелаьцна Омскан областан губернаторан декхарш ханна кхочушдеш волу Хоценко Виталий.
Цхьаьнакхетарехь дийцаре дина Нохчийн Республикин а, Омскан областан а вовшашца йолу йукъаметтигаш чӀагӀйаран гӀуллакх.
Кадыров Рамзана билгал ма-даккхара, ший а субъект вовшашца йолу йукъаметтигаш кхиоран, чӀагӀйаран декъехь къахьега Ӏалашонехь хиларо кхиамашна дуккха а агӀонаш схьайоьллур йу.
Ткъа Хоценко Виталийс, Нохчийчохь а, Соьлжа-ГӀалахь а шена гинчу хьолах дуьйцуш, Нохчийчоь чӀогӀа кхерамза мохк а, Соьлжа-ГӀала Ӏаламат хаза гӀала а хиларна тӀе тидам бахийтина.