
Фашизмана тӀехь толам баьккхина 78 шо кхачарна лерина а йолуш, «Хьуьнаран эстафета» цӀе йолу патриоталлин акци дӀайолийна Соьлжа-ГӀалахь.
Вайн мехкан пачхьенехь болчу СССР-н Турпалхочун Нурадилов Ханпашин хӀолламна хьалха дӀадаьхьира цунна лерина цхьаьнакхетар.
Вовшахтохархоша билгалдаккхарехь, оцу акцин гурашкахь дакъалоцуш хир ду Къоман гвардехь а, тӀеман лерринчу операцехь а болчу нохчийн бӀаьхойн бераш.
Волгоградан областе дуьгур ду уьш. Цигахь уьш кхочур ду Мамаевн гу тӀе а, СССР-н Турпалхо Нурадилов Ханпаша дӀавоьллинчу кешнашка а, «Сталинградская битва» музей-панораме а, и.д.кх.а.