Р.Таубулатовн а,
Х.Музаевн а кхиам
Дукха хан йоццуш Г1езалойчохь дIаяьхьира кхиазхошна юкъахь тхэквондохула (WTF) Россехь хьалхеяккхаран чемпионат. Цигахь дакъалоцуш 40 регионера 350 спортсмен вара. Царна юкъахь Нохчийн Республикера Таубулатов Расул а, Музаев Хилид а вара. ДегIан йозалла 87 кийлал сов йолчу категорехь леташ хилла волу Таубулатов Расула чемпионатехь шен дуьххьара хиллачу цхьаьнакхетарехь дикка садиира нохчийн болельщикийн. Амма иза оцу къовсамехь шен Iалашоне кхечира. Финале валлалц тIах-аьлла леташ хилла волчу вайн махкахочун аьтто ца белира Самарерчу Аюков Рафаэл эшо.Нохчичо дато мидал яьккхира.
Оццу дегIан йозаллин категорехь дакъалоцуш хилла волу, чекхдаьллачу шеран чемпион волу Музаев Халид а финале велира. Бакъду, ког лазор бахьана долуш, чемпионатан коьртачу тасадаларехь ца летира иза. Иштта цо а дато мидал яьккхира.
СовгIат доцуш цхьа а ца висира
ХIокху деношкахь Анапехь чекхъелира кхизхошна юкъахь греко-римски кепара охьатохархлатарехула йолу дуьненаюкъара турнир. Цигахь дакъалоцуш Нохчийн Республикера ялх спортсмен вара.
ДегIан йозалла 46 кийла йолчу категорехь леташ волчу Юсупов Байсангура шен хьалхарчу къовсамехь дуьйна гайтира турниран толаман меттиг ша схьайоккхург хилар. Кхуьнан «довхой» шайн ма-хуьллу таса-м белира нохчичух. Амма вайн махкахочо толамаш бехира. Иштта, оцу къийсадаларшкахь дашо мидал яьккхира Юсупов Байсангура. Оццу дегIан йозаллин категорехь дакъалоцуш волчу Мучураев Бувайсара йоьзан мидал яьккхира.
Шайн-шайн дегIан йозаллин категорешкахь совг1атан меттигаш ехира Ж.Жухалевс а, Х.Исаевс а, М.Акуевс а, М.Муцаевс а.
«Терекан» тIаьхье ю кхуьуш
ГIебартойн-Балкхаройчоьнан пачхьенехь Нальчик гIалахь чекхъелира спортан мастеран, СССР-н чемпионан Апшев Александран цIарах йолу футболехула дуьненаюкъара турнир. Оцу турнирехь дакъалоцуш яра Махачкалара а, Владикавказера а, Нальчикера а, Соьлжа-ГIалара а, Тбилисера а командаш.
Турниран коьртачу матчехь цхьаьнакхийтира «Рамзан» футболан академин командин Владикавказерчу «Барса» цIе йолчу командин футболисташ. Оцу чулацамечу цхьаьнакхетарехь, жам1 2:0 долуш, толам баьккхира Къилбаседа ХIирийчуьра футболисташа. Иштта, кхоалгIа меттиг къовсуш, Тбилисерчу «Сабурталос» эшийра Махачкалара «Анжи».
А.АБДУЛАЕВ
№ 75, шинара, 7 июль, 2015 шо