Нохчийн Республикин халкъийн Иэсан а, лазаман а де

Хьомсара вежарий, йижарий! Тахана Нохчийн Республикин халкъийн Иэсан а, лазаман а де ду.

Йерриге а йарташкахь, гIаланашкахь адамаша дагалоцу историн тайп-тайпанчу муьрашкахь кхелхина шайн гергарнаш а, махкахой а.

Вайн халкъан дуккха а бохамаш лан дезна — паччахьан Iедалан рожан къизаллина, Сталинан Iазапна тIера дуьненайукъарчу террористашна дуьхьал дIабаьхьначу шина тIамна тIекхаччалц.

Инзаре дукха цIий Iенош хиллачу оцу къизачу хиламашкахь зударий, бераш, къаной хIаллакьхуьлура, йарташ, кIотарш чIана йохура, хIаллакйора, йагайора.

Веза а, Сийлахь а волчу АллахIан къинхетамца къар ца делла нохчийн халкъ, йерриге а халонех, баланех чекхдаьлла.

Нохчийн халкъан паргIатонан а, аьттонан а дуьхьа эгна вайн къоман бакъболу кIентий а, йоIарий а дагалоцу вай тахана.

Халкъан иэсехь гуттаренна а даха дуьсур ду Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин а, цуьнан бIанакъостийн а хьуьнар, доьналла.

Нохчийн Республикин халкъийн Иэсан а, лазаман а де йукъадаьккхина вайга вешан историн къиза агIонаш цкъа а йиц ца йайта!

Нохчийн Республикин халкъийн исторехь хиллачу берриге а къизачу хиламашкахь хIаллакьхиллачарах къинхетам бойла Веза а, Сийлахь а волчо! АллахIа хьикмат а, кхетам а лойла вайна йаханчу хенахь дийлийтина гIалаташ йуха ца дийлийта!

Хьомсара махкахой! Маьрша дехийла шу! Ирс-беркат а, ондда могашалла а, кхиамаш а хуьлда шун!

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: