
Тахана билгалдоккхучу Толаман денца Россин Федерацин бахархой декъалбина Кадыров Рамзана.
Декъалдаран кост Telegram чуьрчу шен каналехь зорбатоьхна цо.
Нохчийн Республикин Мехк-Дас билгал ма-даккхара, Даймехкан Сийлахь-боккхачу тӀамехь толам а боккхуш, хӀетахьлера фашизман Германи иэшийна 78 шо хьалха СССР-н дукхакъаьмнийн халкъо.
МостагӀах Даймохк а ларбеш, дуккха а нохчаша оцу тӀамехь дакъалацар а хьахийна Кадыров Рамзана.
«Сталинградан, Ленинградан, Брестан гӀопан гӀаролехь лаьттина нохчий. Даймехкан Сийлахь-боккхачу тӀеман коьртачу, хиламечу тийсадаларшкахь дакъалоцуш хилла бу нохчий. Вай дозалла до царах!«, — йаздина цо.
Иштта, лакхахь хьахийна ма-хиллара, Россин Федерацин дукхакъаьмнийн халкъ декъала а дина Нохчийн Республикин Мехк-Дас Толаман денца.
«Могашалла а, беркат а, кхиамаш а, иштта, машаре стигал а хуьлийла лаьа!«, — олуш, дерзийна цо шен декъалдар.