Толаман 78 шо кхачар Зорбанан цӀийнехь а билгалдаьккхина

Фашизм а, нацизм а иэшош, Даймехкан Сийлахь-боккхачу тӀамехь толам баьккхина 78 шо кхачар Соьлжа-ГӀаларчу Зорбанан цӀийнехь билгалдаьккхина.

Цигахь дакъалецира Къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министра А.Дудаевс, А-Хь.Кадыровн цӀарахчу Полицин лерринчу полкан буьйранчас З.Чалаевс, Парламентан депутата Ӏ.Нагаевс, ветеранаша, хьешаша, шуьйрачу хаамийн гӀирсийн белхахоша.

А.Дудаевс, шен къамелехь нохчийн доьналлах, майраллах дуьйцуш, мехкан цхьаалла Ӏалашйарехь вайн халкъо жигаралла гайтина хиларна тӀе тидам бахийтира.

Иштта, 78 шо хьалха фашизмана тӀехь баьккхина и Толам СССР-на боккхачу мехе бирзина хиларан хьокъехь а дийцира цо.

Цул тӀаьхьа билгалбехира тӀеман тӀаьхьашхуленан (тыл) ветеранаш.

Ша и цхьаьнакхетар концертан программица дерзийра.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: