«Север-АХМАТ» полкана йина туш схьайиллина Эна-Хишкахь

Россин Федерацин гӀаролан министерствона йукъайогӀучу «Север-АХМАТ» полкана йина керла, кхузаманахьлера туш схьайиллина Эна-Хишкахь.

Цигахь дакъалаьцна Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана.

Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу оцу полкана йинчу туьшахь йукъарӀойлаш а, куьйгаллин корпус а, кхачананцӀа а, гуламан зал а хилла ца Ӏаш, маьждиг а, спортан майданаш а, футболан майда а йу.

Иштта, Нохчийн Республикин хьалхара Президент а, Россин Турпалхо а волчу Кадыров Ахьмад-Хьаьжина лерина иэсан хӀоллам а бу цигахь.

Цул сов, кетӀахь а, уьйтӀахь а йина машенаш дӀахӀиттайойла, бӀаьхой дӀахӀиттаран майда (плац), и.д.кх.а — 50 сов объект йу цигахь йинарг.

Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондаца цхьаьна Россин Федерацин гӀаролан министерствос йина йу и туш.

Россин Федерацин а, Нохчийн Республикин а, Донецкан Халкъан Республикин а пачхьалкхийн совгӀаташца Нохчийн Республикин бакъонаш ларйаран органийн цхьамогӀа векалш цигахь билгалбаьхна хилар а хаийта догӀу.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: