НР-н халкъийн Иэсан а, лазаман а денца боьзна Р.Кадыровн кхайкхам

НОХЧИЙН РЕСПУБЛИКИН ХАЛКЪИЙН ИЭСАН А, ЛАЗАМАН А ДЕНЦА БОЬЗНА КАДЫРОВ АХЬМАД-ХЬАЬЖИН РАМЗАНАН КХАЙКХАМ

Халачу дуккха а зерех чекхдийла дезна нохчийн халкъан. Вайн йерриге а оьмар бохамечу, къизачу хиламаша дIалаьцна йу. Царна йукъахь тIемаш ду, таIзарш ду, Iехор ду, йамартло йу.

СапаргIат вуьсийла дац Кавказехь хиллачу тIамех дерг Iамош, Йуккъерчу Азин гIум-аренашкахула бевлла леларан хьокъехь вайн дайша, дедайша дуьйцучуьнга ладугIуш, шайн цхьаъ бен воцу кIант дуьненайукъарчу терроризмана дуьхьал дIахьочу къийсаме дIахьажорах лаьцна наноша дуьйцуш хезча… Вайн историх дIакъасто йиш йоцу дакъа ду. Вайна тIехь ду и хаар, дагахь латтор.

Цецвоккхуш ду, хIаллакьхиларан зила тIе хIоьттича а, нохчийн халкъехь шен башхалла, вад лардан ницкъ а, стогалла а хуьлуш хилла хилар а, берриге а бохамаш доьналлица ловш хилла хилар а. Йерриге а заманашкахь нохчашкахь денбала, кхиа хьуьнар хуьлуш хилла.

Оцу хьуьнаро гIо деш хилла вайна йаккхий чевнаш йерзо, кхидIа а даха, доьзалш кхолла, гIишлошйан, кхиа.

Бохамаш хилар сацо вайн йукъараллина бакъволу тхьамда оьшуш хилла. Майра, доьналле, къарлур воцу тхьамда. Йух-йуха а бохамаш хуьлуш хиларан коьрта бахьана и хилла.

Халкъан исторехь дуьххьара цу тайпа тхьамда хилла дIахIоьттира Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа… Халкъах долу жоьпалла шена тIелецира цо. Йукъаралла цхьаьнатуьйхира, иза законан, къепенан, бакъонан, нийсонан, пачхьалкхаллин некъа тIе йаьккхира.

Нохчийн халкъ дендаларан билгало хилла дIахIоьттира иза. МостагIчух мохк а, шен халкъ а, шен дахаран мах дIабелла, лардан ницкъ кхаьчна политик а, бIаьхо а хилла дIахIоьттира иза.

Тахана, Иэсан а, лазаман а дийнахь, вай дагалоьцу вайн къоман баьчча, дуккха а хиллачу бохамашкахь а, тIемашкахь а кхелхинарш а. Вай, церан гергарчаьрца цхьаьна, гIайгIанехь ду, Везачу АллахIе доьхуш ду Цо вайн вежарех, йижарех, дайх, нанойх къинхетам бар.

Вайн карахь ду, вайн ницкъ кхочур болуш ду баьхна кхиамаш ларбар а, алсамбахар а, республикин а, халкъан а дуьхьа къахьегар а.

Везачу АллахIа оцу тIехь аьтто бойла вайн!

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: