С.В.Михалковн цIарахчу республикин берийн библиотекехь 2007-чу шарахь дуьйна «Аьхка ешаран программин» гурашкахь аьхкенан муьрехь а берашца болх бо. ХIокху шеран 1-чу июнехь дIаболийна «Малхо тхуна йовхо ло, книгица ваха дика ду» программин болх. ДIадаханчу шерашкахь программин гурашкахь аьхка 20–30 бер бен библиотеке оьхуш ца хиллехь, хIокху шарахь 40 бер ду. Царах 20 бер школе дахаза ду, диснарш 1–5-чуй классашкара бераш ду.
Библиотекин директоран заместитела Хожаева Дешис дийцарехь, оцу программин коьрта Iалашо ю берийн ойла книгаш ешарна тIеяхийтар. Iуьйранна схьадаьхкинчу берашца школехь берашка цIахь еша елла йолу книгаш йоьшу. Масала, Г.А.Андерсенан «Дюймовочка», А.Бартон «Веревочка», М.Пришвинан «Кладовая солнца», М.Твенан «Приключения Тома Сойера», и.дI.кх.
Берашна книгаш ешна ца Iаш, нохчийн, ингалсан меттанаш хьоьху. Нохчийн мотт хьоьхуш ю библиотекин ешархойн хьашташ кхочушдаран отделан заведующи Магомадова Аймани, ингалсан мотт хьоьхуш – библиотекарь Зармаева Залина. ХIора дийнахь цхьацца сохьтехь хьоьху царна и меттанаш. Оцу занятешкахь берашна дуккха а пайдехь дерг Iема. Цул тIаьхьа берашка делкъе йойту. Царна къаьсттина хазахета, делкъал тIаьхьа шаьш ловза уьйтIа даьхча. Арахь тайп-тайпанчу ловзарех ловзу уьш. Ткъа уьйтIахь садаIар а дIа ца доьрзу книга ца йоьшуш. Мохехь «Бабин ЧIирдиг» туьйра доьшу берашна.
Библиотекарша шаьш ешначул тIаьхьа, берашка йоьшуьйту. Цул тIаьхьа дешначу туьйранна лерина викторина йо. Иштта, берийн самукъадалийта конкурсаш а йо. Берашка шайга туьйранаш а дохуьйту, цаьрга шайга ойла яйтархьама. Цу декъехь цаьрца болх беш ю коьрта библиотекарь Балатбиева Мадина.
Дикахета «Жимачу некъахочун азбука» берашна хьоьхуш хилар. Берашна некъийн бакъенаш йовзуьйтуш, некъаца ларвала везар царна хьоьхуш ю Хожаева Деши. «СМЕШ-уроки» книгин программица Iамабо цо уьш. Иза къаьсттина пайдехь хир ду берашна.
Цаьрца болх бечу библиотекарша хIора денна планаш хIиттайо шаьш оцу дийнахь дан леринарг гойтуш.
«Книгашка берийн безам кхолла, книгаш еша церан лаам хилийта беш бу оха цаьрца болх. Берашца болх бан атта дац, къаьсттина школе дахаза долчаьрца. ХIора беран шен-шен амал ю, цаьрца хIоранца уьйр хилийта хьажа веза. Юьхьанца книга ледара йоьшуш берш а бара царна юкъахь, хIинца мелла а гIолехь йоьшу. Иштта, кхетош-кхиорехь а болх бо оха цаьрца», – дийцира Д.Хожаевас.
«Аьхка ешаран программин» болх берзор бу 25-чу августехь. Даздаран хьолехь билгалбохур бу тайп-тайпанчу конкурсашкахь, викторинашкахь тоьлларш. Царна грамоташ а, совгIаташ а лур ду.
ЛОРСАНОВА Зарета
Авторан сурт
№ 75, шинара, 7 июль, 2015 шо
