Медицинин хьукматийн хьашташна 109 машен эцна

Нохчийн Республикин могашалла Ӏалашйаран министерствон автопарк 109 машенца тӀейуьзна.

Керла машенаш оцу ведомствон хьашташна дӀайаларехь дакъалаьцна Кадыров Рамзана.

Цо билгал ма-даккхара, 109 машенах 65 машен «Лада Гранта» йу, ткъа 44 машен — «Лада Нива».

«Лада Нива» машенаш «Тревел» а, «Классик» а комплектацешкахь хиларна тӀе тидам а бахийтина Нохчийн Республикин Мехк-Дас.

14 муниципалитетерчу медицинин хьукматийн хьашташна дӀалур йолуш йу и машенаш.

«Могашалла Ӏалашйар» къоман проектан гурашкахь кхочушйечу «Медицинин хьалхара дакъа кхиор» программин гӀоьнца эцна йу уьш.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: