
Туристийн а, хьешийн а хьашташна къамелӀаморгаш арахеца лерина Нохчийчохь. Уьш 2 кепара хир йу:
1) оьрсийн-нохчийн;
2) ингалсан-нохчийн.
Wandi Group йу и болх дӀабахьа леринарг.
Оцу хьокъехь хаам бина компанин президента Н.Ичаевас.
Цо билгалдаккхарехь, тӀебогӀучу баттахь Соьлжа-ГӀалахь дӀахьур йолчу Wandi Bazar фестивалан гурашкахь йовзуьйтур йолуш йу уьш.