
Кадыров Рамзана а, белхан гӀуллакхца Нохчийн Республикехь волчу Россин Федерацин йуьртан бахаман министра Патрушев Дмитрийс а дакъалаьцна Итон-Кхаьллан лаьмнашкахь чӀерий кхиоран бахаман болх дӀаболорехь.
7,5 эзар м² дӀа а лоцуш, чӀерий кхиоран 46 бассейн йу цигахь. Царна чохь цӀен-чӀерий (иргӀуш) а, бакъ-чӀерий а кхиор ду.
Цул сов, туристашна а, хьешашна а лерина кхин 2 бассейн а йу цигахь — царна чуьра чӀерий леца йиш хир йу церан.
Иштта, маьждиг а, машенаш дӀахӀиттайойла а, ресторан а, хьешацӀийнаш а, садаӀаран майданаш а йу оцу бахамехь.
Кадыров Рамзана билгал ма-даккхара, оцу бахамо шен болх дӀаболоро вайн махкахь чӀерий кхиоран декъана боккха Ӏаткъам бийр бу.