Шен болх бан дIайолайелла Органан гидрокоьртан комплекс

Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана а, Россин Федерацин йуьртан бахаман министра Патрушев Дмитрийс а дакъалаьцна Органан гидрокоьртан комплексан болх дӀаболорехь.

2021-чу шарахь дуьйна тойеш йара иза.

Шелан а, Хьалха-Мартан а, Грозненски а кӀошташкахь а, Устрада-ГӀалин округехь а йуьртан бахаман хьашташна лелочу латтанашна хица кхачойаран белхашна доккха маьӀна долуш йу Чуьйри-Эвлахь йолу и комплекс.

Иза схьайелларца а догӀуш, 24 эзар гергга га йуьртабахаман майданашна хица кхачойан аьтто хиларал сов, 700 сов белхан меттиг кхолла а йиш хир йу.

Нохчийн Республикин Мехк-Дас билгал ма-даккхара, дикаллин лехамашна беш иэшам а боцуш, сихонца меттахӀоттийна и маьӀне комплекс белхалоша.

Цара тойина хиӀаӀоран чӀинг (плотина), иштта, йина белхан чоьнаш а, тойаран-механикин пхьалгIанаш а.

Цул сов, чIингана тIехула тIай а тиллина.

Мехала ду цигарчу гIирсашна автоматан кепехь урхалла дийриг хилар.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: