
Хьалхарчу классийн «Абатна» лерина мультимедин Ӏаморан-методикин гӀо-Ӏамат кечйаран болх чаккхене боьрзуш бу.
Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министра Дааев Хож-Баудис бина оцу хьокъехь хаам.
Цо билгалдаккхарехь, электронни кепехь хиларал сов, вайн мехкан дешаран «ДЕШАРХО» порталаца цхьаьнатухур йолуш а йу и «Абат».
Цунна йукъайогӀуш хир йу сих-сиха пайдаоьцучу дешнийн тобанаш, интерактиван дарсаш, Ӏамош йолу лексика а, грамматикин хиламаш а тӀечӀагӀбаран йозанаш, и.д.кх.а.
Дешаран керлачу шеран йуьххьехь дуьйна пайдаоьцийла хир ду цунах хьехархойн а, дешархойн а.