
Вайн махкарчу некъашкахь алсамйевлла некъан боламан лехамаш талхор суьрташца дӀайаздаран камерш.
Карарчу 2023-чу шарахь керла хӀоттийнарг 5 камера йу:
1) Шела гӀалина гуотасаран некъан 2-гӀа км;
2) «Ищерски — Оьрза-ГӀала» некъан 55-гӀа км;
3) «Хьалха-Марта — Мартан-Чу» некъан 7-гӀа км;
4) «Ломаз-Йурт — Лаха-Невре — Аьхкин-Борзе» некъан 46-гӀа км;
5) «Ищерски — Оьрза-ГӀала» некъан 36-гӀа км.
Уьш хӀитторан меттигаш Некъан боламан кхерамзаллин пачхьалкхан автоинспекцин векалша магийна йу.
2019-2023-чуй шерашкахь республикерчу автомобилийн некъашкахь хӀоттийнарг 22 камера хиларна тӀе а тидам бахийта богӀу.