Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствос аьхкенан каникулашкахь дешархойн могашалла меттахIотто а, сада1а а меттигаш кечъяйтина школашкахь.
Школашкахь а, кхитIе долчу дешаран учрежденешкахь а берашний, кхиазхошний лерина ю и меттигаш. Цигахь садаIа аьтто бу 7–16 шо кхаччалц хенаш йолчу дешархойн. Берашца болх беш социальни педагогаш, психологаш, хьехархой бу. ХIора дийнахь 3–3,5 сохьтехь, шайн лааме хьаьжжина, хан йоккху бераша цигахь.
Берийн самукъадалийта а, церан могашаллина, хьекъална пайдехь хинйолу спортан, музыкин, самукъанен конкурсаш а, экскурсеш а йо хьехархоша. Билгалдаккха деза, аьхкенан лагерехь садаIа а, могашалла меттахIотто а тIеоьцуш долчу берашна юкъахь уггаре а хьалха тидаме оьцуш дерш буобераш, аьттонаш ледара болчу а, бераш дукха долчу а доьзалшкара бераш, кхиазхойн гIуллакхийн отделехь чоьте хIиттийна бераш хилар.
Карарчу шарахь 30 000 дешархочуьнга садаIийта Iалашо ю министерствон.
З.ХИЗИРОВА
Авторан сурт
№ 75, шинара, 7 июль, 2015 шо