Цхьаьнакхетар хилла Кадыров Рамзанан а, Гаглоев Аланан а

Соьлжа-ГӀала веанчу Къилбенан ХӀирийчоьнан Президентаца Гаглоев Аланца цхьаьнакхетар дӀадаьхьна Кадыров Рамзана.

Оцу хьокъехь хаам а беш, нохчийн Мехк-Дас билгалдаьккхина Гаглоев Алан Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин иэсана леринчу хӀолламна хьалха хилла хилар.

Иштта, Гуьмсерчу Россин спецназан университете кхача а, Нохчийн Республикехь Къилбенан ХӀирийчоьнан культурин денош дӀадахьаран болх дӀаберзорехь хила а лерина ву иза.

Оцу мехкан культурин денош вайн республикехь дӀадахьаран болх Соьлжа-ГӀаларчу Даздарийн цӀийнехь чаккхене боьрзур бу.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: