Вайн мехкан банкийн декъехь харц-ахча кароза 3 бутт баьлла

Нохчийн Республикин банкийн декъехь харц-ахча кароза 3 бутт хан йаьлла.

Йеккъа цхьа вайн республика йоцург, иштта гайтам болуш округехь цхьа а субъект йац кхин.

Оцу хьокъехь хаам бина Нохчийн Республикин Къоман банко (Россин Банкан дакъа).

Цул сов, харц-ахча къасторан билгалонаш Россин Банкан сайта тӀехь а, «Банкноты Банка России» приложени чохь а йовзийтина хиларна тӀе тидам а бахийтина цуьнан векалша.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: