СВО-н дакъалацархошна гӀодаран фондехь болх бан 105 стаг Ӏамор ву

ТӀеман лерринчу операцин дакъалацархошна гӀодаран пачхьалкхан фондехь болх бийр болу нах Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Нохчийн пачхьалкхан университетехь Ӏаморан болх дӀаболийна.

Нохчийн Республикин вице-премьера Алханов Адама бина оцу хьокъехь хаам.

Цо ма-хаийттара, Ӏамор волуш 105 стаг ву — 3 субъектан векалш бу уьш: 1) Нохчийчоьнан; 2) ГӀалгӀайчоьнан; 3) Дагестанан.

Лакхахь хьахийна Фонд Россин Федерацин Президентан дӀадолорца кхоьллина хилар билгалдаккха догӀу.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: