«Къоман мотт — сан хазна» конкурсан жамӀаш дина газетан редакцехь

Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана дӀакхайкхийнчу Нохчийн меттан шеран гурашкахь Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Нохчийн пачхьалкхан а, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн а университетийн филологин факультетийн студенташлахь нохчийн маттахь тоьлла говзар йазйарехь Къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министерствоца цхьаьна «Даймохк» газето дӀабаьхьначу къовсаман жамӀаш даран болх дӀабаьхьна тахана газетан редакцехь.

1-ра меттиг Пашаева Фаридас йаьккхина (НПХьУ);
2-гӀа меттиг Сурхаева Альбикас йаьккхина (НПХьУ);
3-гӀа меттиг Эльтуева Ӏайшата йаьккхина (НПУ).

Дипломашца а, мехалчу совгӀаташца а билгалбаьхна уьш.

Царна совгӀаташ дӀадаларехь дакъалецира Къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министерствон хаамийн а, зорбанан а департаментан директора Музуров Ламберта а, къоман «Даймохк» газетан коьртачу редактора Шамсудинов Бувайсара а, Шуьйрачу хаамийн гӀирсийн белхахой кечбаран а, йухакечбаран а туьшан директора Юнусов Хьамзата а.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: