ХӀирийн культурин денош дӀадирзина Соьлжа-ГӀалахь

ХӀокху деношкахь вайн махкахь дӀахьош хилла Къилбенан ХӀирийчоьнан культурин денош дӀадирзина.

Омаев Дагунан цӀарахчу Даздарийн цӀийнехь дӀадаьхьна цунна лерина цхьаьнакхетар.

Цигахь дакъалаьцна Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана а, Къилбенан ХӀирийчоьнан Президента Гаглоев Алана а.

Оцу хьокъехь ша бинчу хаамехь Кадыров Рамзана билгалдаьккхина нохчийн а, хӀирийн а халкъаш шайн дайн мехкашна а, культурашна а муьтӀахь хилар.

«Хьешаша культурин йоккха программа кечйинера. Шайн къоман халхар а, Ӏадаташ а, ламасташ а довзийтира цара«, — йаздина республикин Мехк-Дас.

Цхьаьнакхетар Нохчийн Республикин пачхьалкхан совгӀаташ а, сийлаллин цӀераш а йаларца дӀадирзира.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: