Ибриев Сайд-Эми

ке4екуе

1957-чу шарахь вайн республика юхаметта а хIоттийна, цул кхойтта шо хьалха махках баьхна нохчий, гIалгIай цIа эха буьйлабаларца цхьаьна юха а арахеца долийра иштта меттахIоттийна долу республикин «Ленинан некъ» газет. Юьхьанца чIогIа хала дара газет кечдан а, арахеца а. КIезиг бара зорбанан гIуллакх девзаш болу белхахой. Болуш берш а коьртачу декъана Алма-Атахь нохчийн маттахь арадолуш хиллачу «Къинхьегаман байракх» газетехь болх беш бара. Цул сов, типографин белхахой оьрсийн къомах хиларна, нохчийн маттахь зорба лахьош, дукха гIалаташ дуьйлуьйтуш, хьем хуьлура балхана. Уггаре а йоккха новкъарло еш дара цхьа хIума хатта,  балхаца доьзна дагавала, цахуург хьеха юххехь говза стаг цахилар. И бахьана долуш редакцин белхахой дукха хьолахь шина-кхаа сменехь болх бан дезаш хуьлура.

 

ТIаьхьа, нах цIаберзарца, стамъяла йолаелира редакцин коллектив, къаьсттина Алма-Атара «Къинхьегаман байракх» газет дIакъевлинчул тIаьхьа. Керла тIебогIуш болчарех цхьаберш газетан гIуллакх девзаш, оцу белхан доккха зеделларг долуш бара. Царах цхьаъ вара Ибриев Сайд-Эми. Коллективе веана дукха хан ялале, балхана тIера хиларца, шена юххерчу накъосташца герггара юкъаметтигаш хилийта хаарца билгалвелира Сайд-Эми. Юкъараллин дерриге а гIуллакхашкахь шен жигараллица къаьсташ вара. Эшначунна дан гIо-накъосталла, бан хьехам бара. Шеца къамел дечуьнга ладогIа а, хаьттинчунна хьекъале жоп дала а говза вара. Цуьнан белхан а, дахаран а, леларан а ерриге а дикаллаш юххера евзара суна – тхойшиъ цхьаьна, редакцин цхьана отделехь болх беш вара: Сайд-Эми газетан партийн отделан заведующи вара, ткъа со оцу отделан могIарера белхахо.

Дуккха а диканиг Iемира суна Сайд-Эмигара: газетехь стенах лаьцна яздан деза, карарчу хенахь мехалчарех муьлха гIуллакхаш ду, царах лаьцна муха яздан деза. Материал кечъеш, цо хьоьхура хьаьнца къамел дар гIолехь ду, гIуллакхан муьлха агIонаш гайта еза. ТIаккха язъеш йолу материал, хуьлда иза статья, очерк, я могIарера хаам, шен буьззина чулацам болуш  хуьлура. Нахаца гIиллакх-оьздангалла лелоран масалш гойтура цо.

Ала деза, Сайд-Эми республикехь а дика вевзаш а, наха лоруш а хилла хилар. Цунах дагабовла богIура иза вевзаш берш. Царах хIоранна а бан дика хьехам а бара цуьнан.

Сайд-Эмис жигара дакъалоцура республикин а, редакцин а юкъараллин дахарехь. Коллективехь иза юьхьанцарчу партийн организацин секретарь, партин горкоман, райкоман декъашхо вара. Цуьнан хьехаме ладугIура обкоман, республикин Министрийн Советан куьйгалхоша а. Царна юкъахь сий-ларам а бара цуьнан.

С-Э.Ибриев вина 1926-чу шеран 21-чу майхь Йоккхачу АтагIахь. Цуьнан да Ибриев Сайда юьртахь хьехархочун болх беш вара. Вайн республикехь Советийн Iедал дIахIотточу  шерашкахь Сайдас дуккха а болх бира нохчийн шира эшарш, туьйранаш, шира дийцарш гулдеш. ЦIеяххана вевзаш волчу нохчийн поэтаца Нажаев Ахьмадца цхьаьна цо арахийцира «Нохчийн иллеш» цIе йолу книга. Цунна юкъадахара «Обарг Зеламхин илли», «Зайтан Шихмирзин илли», кхидерш а. Сайд-Эмис шен дерриге а дахарехь Iалашбира нохчийн матте, фольклоре, вайнехан ширачу, оьздачу гIиллакхашка, Iадаташка шен дас шегахь кхиийна безам.

Дукха хьалхе да кхелхина, шен ненан карахь висира Сайд-Эми. ТIех хьалхе девзира дахар шен ерриге а дикачу а, вуочу а агIонашца цхьаьна. 1935-чу шарахь Соьлжа-ГIаларчу №15 йолчу школе деша вахара. Ткъа 1941-чу шарахь деша мехкадаьттан рабфаке велира. Амма, фашистски Германица беш хилла тIемаш гергабахкарца доьзна, Соьлжа-ГIалара мехкадаьттан институт а, цигахь йолу рабфак а Юккъерчу Азе дIакхалхийра. Цул тIаьхьа дуьххьара балха вахара Сайд-Эми. Белхаш бира Нохч-ГIалгIайн респотребсоюзан финансийн декъехь, цул тIаьхьа Йоккхачу АтагIана юххерчу тIеман аэродромехь лаьтташ хиллачу буьйсанан бомбардировщикийн авиаполкерчу аэродроман хьашташ кхочушдаран батальонехь.

1944-чу шеран 23-чу февралехь дерриге а нохчийн халкъаца цхьаьна Казахстане дIабахийтира ИбриевгIеран доьзал. Гира оцу бохаман инзаралла, Iаьвшира хало а, сийдайар а. Амма дахаран кхолламо хьалхахIитточу оцу зиэрашна хьалха къар ца велира, кIел ца висира. ЧIогIа чолхечу хьелашкахь тракторист а, могIарера белхало волуш а белхаш бира. Цул тIаьхьа бухгалтер а, финансийн, кхечу корматаллийн белхахо а хилла къахьийгира.

ХIетахь, Казахстанехь а, Юккъерчу Азин республикашкахь а дехаш долуш, нохчаша вовшашна тIекхаьчча, могаш-паргIат, аьлла бистхиллачул тIаьхьа уггаре а хьалха вовшашка хоттура: «Вай цIа дохуьйту ца боху?». Вайнах чIогIа сатуьйсуш бара цIабахка. Вайн интеллигенцин векалша оцу хенахь дан тарлуш дерг дерриге а дора вайнах цIерабахар законехь цахиларх халкъ кхеторехь а, нийсо меттахIотторна гIуллакхаш дан дезаш хиларехь а. ТIаьхь-тIаьхьа, пачхьалкхан куьйгалла хийцаделла, хьал мелла а паргIатдаьлча, адамаша даррехь дIахьедан долийра цIерадаьхна халкъаш Даймахка юхадерзо дезаш хилар.

Иштта, 1956-чу шеран бIаьста Джамбул гIалахь а, Киргизски ССР-н Таласски областехь а бехачу нохчаший, гIалгIаший гуламаш бира, законехь доцуш цIерадаьхна халкъаш Даймахка юхадерзор а, Нохч-ГIалгIайн АССР меттахIоттор а лоьхуш. Оцу гуламашкахь жигара дакъалецира Сайд-Эмис а. Иза юкъахь волчу тобано оцу гIуллакхах лаьцна Джамбул гIалин къинхьегамхойн заявлени кечдира КПСС-н ЦК-н а, СССР-н а куьйгалле. Нохчийн, гIалгIайн векалша и заявлени оцу кепара долчу кхечу кехаташца цхьаьна 1956-чу шеран 9-чу июнехь дIаделира СССР-н Министрийн Советан Председателан хьалхарчу заместителе А.И.Микояне. 1957-гIа шо долалуш Киргизин Компартин  ЦК-с тIедилларца Сайд-Эмис жигара дакъалецира Киргизин Таласски областера нохчий, гIалгIай меттахIоттийначу Нохч-ГIалгIайн АССР-е юхаберзор вовшахтохарехь.

1957-чу шеран майхь Даймахка  юхабогIучу нохчех хьалхарчаьрца цхьаьна шен доьзалца цIавеара Ибриев Сайд-Эми. ЦIа кхаьчначу хьалхарчу деношкахь КПСС-н обкомо радиокомитетан коьрта редактор хьажийра иза. Цигахь Сайд-Эми билгалвелира хьанал къинхьегамхо хилла ца Iаш, дика вовшахтохархо а хиларе терра. Дукха хан ялале Москвахь КПСС-н ЦК-хь йолчу лаккхарчу партийни  школехь куьйгаллин партийни, советски белхахой кечбаран ялх беттан курсашка хьажийра иза. ТIехдика дешна, курсаш чекх а яьхна, Нохч-ГIалгIайн Республике юхавирзинчул тIаьхьа республикин «Ленинан некъ» (хIинца «Даймохк») газетан партийни отделан заведующи хIоттийра Сайд-Эми. Оцу хенахь цо язйира республика экономически а, социальни а кхиорехь, партийни болх тобарехь доккха маьIна долуш хилла йолу дуккха а статьяш а, очеркаш а, партийни а, экономически а теманашна кхийолу материалаш а.

1960-чу шеран ноябрехь С-Э.С.Ибриев партийни балха ваьккхира. КПСС-н обкоман бюрон сацамца вахийтина, партин Хьалха-Мартан райкоман шолгIачу секретаран, цул тIаьхьа партин Грозненски райкоман шолгIачу секретаран белхаш бира. Ткъа  1965-чу шарахь КПСС-н Веданан райкоман хьалхара секретарь хаьржира. Оцу даржехь Сайд-Эмис болх бира пхеа шарахь сов. Дукхазза а партин обкоман декъашхо, Нохч-ГIалгIайн АССР-н Лакхарчу Советан депутат хаьржира.

1970-чу шарахь советски балха воккху С-Э.Ибриев. Юьхьанца цо болх бо республикин Министрийн Советан отделан, Госснабан отделан хьаькам, цул тIаьхьа промышленностан, энергетикин министерствон отделан хьаькам хилла. Пенсе ваьллачул тIаьхьа тайп-тайпанчу даржашкахь хилира – республикин редакционно-издательски комплексан директоран заместитель, ткъа 1995-чу шарахь республикин промышленностан министерствон отделан хьаькам волуш. Республикина чIогIа чолхе даьхкинчу 1998–2000-чуй шерашкахь Россин Федерацин зорбанан министерствон Нохчийн Республикехь векал вара Сайд-Эми.

С-Э.Ибриев журналистикин корматаллехула лаккхара дешар дешна вара. Тайп-тайпанчу белхашкахь белхан а, дахаран а доккха зеделларг IаIийра цо. Цуьнан хьанал къинхьегам билгалбоккхуш, цунна делла правительственни 15 совгIат. Царех цунна уггаре а дезаниг дара махках ваьккхина, Джамбул гIалахь вехачу хенахь 1948-чу шарахь елла йолу «1941–1945-чуй шерийн Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман муьрехь хьанал, ша-шен ца кхоош къахьегарна» цIе йолу мидал. Ткъа цул тIаьхьа 57 шо даьлча Сайд-Эмина елира Россин Федерацин «Юкъараллин сий-ларам» аьлла йолчу къоман фондо йиллина йолу «Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болчу хенахь тIеман, граждански декхар кхочушдарехь къонахалла гайтарна а, Сийлахь-боккхачу Толаман 60 шо кхачарца доьзна а»,  «Юкъараллин сий-ларам» аьлла болчу Даточу седанан юбилейни граждански орден.

Ша ханна воккха вара аьлла ца Iаш, ша валлалц республикин юкъараллин дахарехь жигара дакъалоцуш вара Сайд-Эми. Цо боккха болх бира Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман, къинхьегаман ветеранийн Нохчийн Республикин Советан председателан заместителан даржехь а волуш. Жигара дакъалецира республикин газетийн, журналийн редакцийн балхахь. Шена тIе тидам бохуьйтуш ю цо тIеман, къинхьегаман ветеранех лаьцна а, архивийн документашна тIехь а язйина материалаш.

– Со муьлххачу  а балхахь хилча а, сан цхьа ойла хилла, –  олура Сайд-Эмис, – хIора стаг декхарийлахь ву шен махкана, халкъана хьалха долу шен граждански декхар хьанал кхочушдан. Цуьнца ю цуьнан оьздангалла а, доьналла а, къонахалла а. И башхаллаш йолу стаг сий-ларам бан хьакъ ву.

 

С.МАГОМАЕВ

 № 75, шинара, 7 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: