Йартийн а, гӀаланийн а нохчийн маттахь йолу цӀераш нисйаран болх бийцаре бина

Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана дӀакхайкхийнчу Нохчийн меттан шеран гурашкахь дӀахьур бу йартийн а, гӀаланийн а нохчийн маттахь йолу цӀераш нисйаран болх.

Оцу декъехь къахьоьгур ду Нохчийн Республикин Парламентан спикеран Даудов Мохьмадан сацамца кхоьллинчу Белхан тобано.

Цуьнан хьалхара цхьаьнакхетар, коьртехь Хаджиев Артур а волуш, селхана дӀадаьхьна Парламентехь.

Циггахь билгалдаьлла нисйийр йолу и цӀераш Нохчийн Республикин хьукме-меттигийн а, меттигийн а дакъойн гуларна йукъатухург хилар.

Оцу Гуларна Ӏаткъам беш ду Нохчийн Республикин Мехк-Ден №168 (03.12.19) йолу Указ ду.

И болх дӀахьош гӀарайевллачу а, бахархошлахь лелачу а цӀерех пайдаоьцург хилар билгалдоккху.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: