IT-технологех пайда а оьцуш, элпашна басарш хьокхуш а, элпаш Ӏамош а, суьрташ «дендеш» а йолу «Абат» кечйина

IT-технологех пайда а оьцуш, элпашна басарш хьокхуш а, элпаш Ӏамош а, суьрташ «дендеш» а йолу «Абат» кечйина Нохчийн Республикин культурин министерствос.

Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана дӀакхайкхийнчу Нохчийн меттан шеран гурашкахь дӀабаьхьна болх бу иза.

Кхиархошна 5 эзар и «Абат» а луш, Культурин министр Кадырова Ӏайшат а, Соьлжа-ГӀалин мэрин Ишколал хьалхарчу дешаран департаментан хьаькам Кадырова Хадижат а хилла «Дики» берийн бешахь.

Беза хьеший хазахетарца тӀелецира цигарчу кхиархоша, шаьш кечдина совгӀаташ а, концертан программа а йовзуьйтуш.

Башхачу «Абатан» хьокъехь аьлча, нохчийн элпашца доьзна суьрташ а долуш йу иза.

БӀаьвнех а, нохчийн къоман духарх а, музыкин гӀирсех а лаьтташ долу и суьрташ, басарш а хьокхуш, билгалдаха йиш хиларал сов, смартфонийн гӀоьнца шаьш «дендан» а аьтто луш ду.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: