Меттигерчу бахархойн хьашташна лерина спорткомплекс йеш йу БердкӀелахь

БердкӀелахь йан йолийна спортан комплекс.

Карарчу хенахь, схьайалийна техника а йолуш, чхоьнна тӀехь къахьоьгуш бу гӀишлошйархой.

Цигахь бечу белхашка а хьожуш, комплекс йаран майданахь хилла Физически культурин а, спортан а, кегийрхойн политикин а министр Ибрагимов Ӏийса.

Цо билгал ма-даккхара, 1 615 м² майда дӀа а лоцуш хир йолчу цу чохь кхуллур ду спортах пайдаэцарехь оьшуш мел долу хьелаш.

Цул сов, хир йу лоьран чоь а, бедарш хуьйцу чоь а, и.д.кх.а.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: