А.Дудаев: 111 ишкол тойийр йу карарчу 2023-чу шарахь

Видеоконференцин рожехь «Единая Россия» партис дӀайаьхьначу кхеташонехь дакъалаьцна Къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министра Дудаев Ахьмада.

Ишколаш тойаран а, иштта, ишколаш а, берийн бошмаш а йаран а программина лерина йара иза.

Оцу программехь, кхеташонехь билгал ма-даккхара, дакъалоцуш йу Россин субъекташкара 7 300 гергга ишкол.

Нохчийн Республикин хьокъехь аьлча, «Единая Россия» партин «Керла ишкол» проектан гӀоьнца тойийр йолуш 111 ишкол йу карарчу шарахь.

Цул сов, тайп-тайпанчу программех пайда а оьцуш, 1 540 меттигна лерина 13 берийн беш а йу йийр йолуш.

Ишколашца а, берийн бошмашца а, кегийрхой кхетош-кхиорца а боьзна болх шен лерринчу тергонехь латтош Нохчийн Республикин Мехк-Да Кадыров Рамзан хилар хаийтира Дудаев Ахьмада.

И берриге а белхаш бовзийтарехь жигаралла гойтуш бу республикин шуьйрачу хаамийн гӀирсаш — оцу темина лерина 335 материал кечйина цара хӀокху шарахь.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: