
Россис дӀахьочу тӀеман лерринчу операцехь дакъалаца йахана Къоман гвардин Къилбаседе-Кавказан округан Кадечу Ӏалашонийн 96-чу полкан бӀаьхойн рогӀера тоба.
Цунна куьйгалла деш ву тӀеман эпсар Тушаев Мохьмад.
Оцу хьокъехь хаам бинчу Кадыров Рамзана билгалдаьккхина царах хӀора а НАТО-н зуламхошца а, украинхойн нацисташца а лата кийча хилар.
Иштта, цо ма-хаийттара, Россин Федерацин Президентан тӀедахкарш кхочушдарехь жигаралла гойтур долуш а бу 96-чу полкан бӀаьхой.
Вайн бӀаьхой толамца а, могаш-маьрша а цӀаберзар шена лууш хилар хаийтина Нохчийн Республикин Мехк-Дас.