
Россин Федерацин Президентан Путин Владимиран а, Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Рамзанан а цхьаьнакхетар хилла тахана.
Ставрополан махкарчу Пятигорскехь дӀадаьхьна иза.
Оцу хьокъехь хаам бина Россин Федерацин Президентан пресс-секретара Песков Дмитрийс.
Иштта, цо билгалдаккхарехь, Путин Владимиран цхьаьнакхетарш кхана а хир ду — Къилбаседе-Кавказан округана йукъайогӀучу кхийолчу субъектийн куьйгалхой тӀелоцур бу цо.