
МостагӀалла лелочу G7 мехкашна дуьхьал санкци кхайкхийна Къилбаседе-Кавказан ФО-н субъектийн куьйгалхоша.
Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана бина оцу хьокъехь хаам.
Цо билгал ма-даккхара, и санкци Зеленскийх лаьтташ йу.
«G7 мехкашна экономикин бала хилийтаран Ӏалашонца дӀало оха хӀуманна а пайдехь воцу Зеленский, цунах тхайн Ӏаткъамийн гӀирс а беш«, — беламца йаздина Нохчийн Республикин Мехк-Дас.
И сацам Ставрополан махкарчу Пятигорскехь бина селхана — Къилбаседе-Кавказан ФО-н субъектийн куьйгалхойн цхьаьнакхетарехь.