Нохчийн тележурналистикехь дика евза Зайналабдиева Зулайн цIе. Нохчийн телевиденин редактор, отделан куьйгалхо, цул тIаьхьа телерадиокомпанин председатель йолуш белхаш бина цо. Зулайс уьйъуш йолу теманаш, дукха хьолахь, йоьзна яра республикин политикица, экономикица, юьртан бахамца. Цо еш йолу передачаш шатайпа хуьлура. Телевизоран экранехь гуш а, хезаш а дерг нехан сагатдешдерг хуьлура. Цундела хьовсархоша ларйора цуьнан передачаш.
Зулайс ша жима йолуш дуьйна нийса мах хадабора политикин дахарехь хуьлучу хиламийн.
Иштта, 1990-чу шерашкахь Нохчийчохь революцин карчам болабелча, тайп-тайпанчу программашкахь, хила тарлучу цхьаьнакхетаршкахь хийлазза дийцира буьйлабеллачу хиламийн тIаьхьенах лаьцна, йовзийта гIиртира халкъ хIаллакдан арабевллачу харц ницкъийн Iалашонаш. Амма Зулай хезаш берш, цунах кхеташ берш кIеззиг бара. Дукхахберш махках бевллера, бисинарш революционерийн могIаршка хIиттинера, я Iадийча санна, шаьш хIун дан деза а ца хууш бисинера. Дудаевн Iедал реза дацара бакъдолчунна тIегIерташ йолчу журналистана. «Оппозиционерех» цIанъян йолийра телевидени а, радио а. Доккха зеделларг, похIма долу журналисташ балхара дIабехира. Царна юкъахь Зулай а яра.
Соьлжа-ГIалин майданашкахь дIахьош митингаш а йолуш, дуьхьалдIайолчу эфирехь Дудаевн рожана дуьхьал дIахьедар дира цо шен накъосташца. 1995-чу шарахь «Вайнах» пачхьалкхан телерадиокомпанин председатель хIоттийра З.Зайналабдиева. ТIех чолхе тIеман хан яра иза. Федеральни эскаршна дуьхьал тIом бина ца Iаш, Iедалан балхахь болчу нахана тешнабехкаш бора бандиташа. Хаамийн гIирсашкахь болх беш волу стаг уггаре а майра лоруш вара цу хенахь, хIунда аьлча, цуьнгахь герз дацара, цунна юххехь ха а дацара. Цо зуламхо дашца лаза а вора, Iора а воккхура. И ца ладеллачу зуламхоша Зулайна а бира тешнабехк. 1996-чу шеран 26-чу июлехь буьйсанна иза ехачу хIусаман корах чу герз туьйхира. Делан (С.Т.) къинхетамца Зулай кIеззиг бен ца лазийра. Цу бохамо а юха ца яьккхира гуттар а нийсоне кхийда Iемина йолу нохчийн журналист. КхидIа ган доьгIнарг тIех ирча хиллера.
1996-чу шеран август беттан юьхь яра. Кхин хийцаделла хIумма а доцуш, тIом бирзина аьлла хетачу хенахь, юха а карзахдолуш дара Нохчийчуьра хьал. ХIора денна хIаллакбеш, тIепаза бовш болчу кегийрхойх нах боьллера. Адамийн дегнаш дуткъделлера. Хабарш а дара, тIемалой Соьлжа-ГIали чубогIу, бохуш. Цунах кхаъ хилларш а бара, иза аьттехьа ца дуьтурш а бара. 6-чу августехь Iуьйранна сатасале тIемалой гIалина го бина бовлале, Зулай а, Сайд-Мохьмад а телевидене кхечира. Ша телерадиокомпанин куьйгалхо хиларе терра, Зулайн йиш яцара юьстах латта. И ша дIа а яхийтина, генара ладегIар, Сайд-Мохьмадан амалехь дацара. Цигахь цаьрца цхьаьна вара инженер Ахматов Султан, оператор Авторханов Муслим, диктор Канаева Лариса, технически белхахо Балоев Салман. 16-гIа август кхаччалц, итт дийнахь, тIедеттачуьра герзаш ца севцира. «Вайнах» компанин журналисташа саццаза кхайкхамаш бора цIий Iано чубаьхкинчу законехь боцчу тIемалошка, юхадовла, кхета бохуш. Амма дерриге а эрна дара. ХIорш хезаш цхьа а вацара. Гуобаьккхина йогуш йолчу гIишлошна тIера цIе кхеран студех хьерча йолаелира. Чохь совцийла а дацара, кхечу дIалочкъийле ваха кхераме хьал хIоьттинера. Араэккха гIоьртинарг герзо лоцура. Юх-юххехь елахь а, цхьана гIишло чуьра вукху чу вада атта дацара. Снайперша шайн болх бора. Правительствон цIийне дехьа бовла безаш бара хIорш. ЦIе тIекхаьчна яьллера. Вовшийн куьйгаш а лаьцна, сехьа лелхашшехь, уьш болчу агIор герзаш туьйхира. Амма, цхьа а ца лецира цара. Жимма хан яьлча, цу чохь а кхераме дуйла хиира. Гуобаьккхина кхуьссуш герзаш а долуш, цу чохь буьйса яьккхира цара. ШолгIачу дийнахь гата тоьхначу «Уралаш» тIехь журналисташ, республикин куьйгалхочун Завгаев Доккин тIедилларца, Ханкала дIабигира…
Тахана и дерриге а дагалоьцуш бIаьргаш хих дузу Зулайн. «Цкъа а дагара ца бовлу тхо ир-кара а хIиттош, тхан дола а деш, вайн кхане ирсе хилийта, летта милицехь хилла вайн кIентий. Ма чIогIа сатуьйсура цара таханлерчу дийне», – боху Зулайс.
1996-чу шарахь Зулай а, Сайд-Мохьмад а Москва дIадахара. 1999-чу шарахь цигахь схьайиллинчу «Чечня Свободная» радиохь болх бан нохчийн журналисташ вовшахтуьйхира Зулайс. Уьш бара: Дудаева Яха, Баширов Сайд-Мохьмад, Сулейманова Шукран, Дудаева Билкъис, Магомедов Руслан, Осмаев Мовла, кхиберш а. Зулайн корматалла а, граждански позици а евзаш болчу радион куьйгалхоша цунах тешийра ерриге эфир. Вайн махкахь йолу контртеррористически раж дIаяьккхинчул тIаьхьа «Кавказ» аьлла цIе тиллира «Чечня Свободная» радиона. «Голос России» цIе йолчу пачхьалкхан радиокомпанина юкъайогIучу радиошкахь 16 шарахь болх бина Зулайс. Цуьнан передачашкахь хаддаза бийцина Нохчийчохь хуьлуш болу дика хийцамаш. Вайн республикера дахар Россин бахархошна довзийтина ца Iаш, дозанал арахьарчу нахана а довзийтина цо.
Тахана радио болх беш яц. Цуьнан меттана цхьа шо хьалха хаамийн агентство кхоьллина. Делахь а, Зулай мукъа ца Iа. Иза гочдархочун болх беш ю.
Б.ДУДАЕВА
№ 75, шинара, 7 июль, 2015 шо