Махкарчу хьаьжошца 15 нохчийн лор а хир ву

Карарчу шарахь ХьаьжцӀа боьлхучу Нохчийчоьнан бахархошца Макка а, Мадинате а 15 нохчийн лор гӀур ву.

Республикерчу хьаьжойн хьашташка хьовсуш хир бу уьш.

Цул сов, циггахь, гӀазанчаллехь нохчийн 2 лор а волуш, медицинин туш а схьайоьллур йу.

Лоьрашкахь молханашца а, кхиболчу гӀирсашца а кхачо хир йолуш йу.

Цул сов, СаӀудийн Ӏаьрбийчохь оьшур болу хаамаш а, лехамаш а бовзийтина царна хӀинцале а.

Нохчийн Республикин Муфтиятан векалша бина оцу хьокъехь хаам.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: