Нохчийн Республикин векала Саидов Билухьаьжас дакъалоцур ду Россин шахматийн Чемпионатан лаккхарчу лигехь.
Къилбаседе-Кавказан ФО-н чемпионатехь йаьккхина цо и бакъо.
Округехь а тоьллачу спортхошлахь 2-гӀа меттиг йу цо йаьккхинарг.
Дакъалоцуш 26 спортхо а волуш, ГӀалгӀайчуьрчу Несарехь дӀайаьхьна и чемпионат хӀокху беттан 15-21-чуй деношкахь.