
Укрофашистийн Ӏедал сауьйзуш хиларан тоьшалла ду Волгоградехь Сийлахь Къуръан дагор.
Иштта дӀахьедар дина Нохчийн Республикехь адамийн бакъонийн векал волчу Солтаев Мансура.
Цо билгалдаккхарехь, и ирча болх йоккха Ӏалашо а йолуш байтина бу — махкахь машар бохор а, йукъаралла йекъар а.
«Церан Ӏалашонаш кхочуш ца хилла. ХӀинца, и ирча питана цара дайтаро, тайп-тайпанчу динийн векалша кхин а чӀагӀбийр бу укрофашизмаца шаьш латтош болу къийсам«, — хаийтина Солтаев Мансура.
Цул сов, и питана дайтинчу укрофашистийн Ӏедалан а, цуьнан хьадалчийн а гӀуллакхаш дика цахиларна тӀе тидам а бахийтина Адамийн бакъонийн векала.
«Вай нийсачу некъа тӀехь хиларан билгало йу иза. Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана а, республикин бахархоша а доккха дакъалоцу Россин Федерацин пачхьалкхалла Ӏалашйарехь«, — тӀетоьхна цо.
Цунна тӀе а доьгӀна, зуламхочунна кхиэл Нохчийчохь йар нийса хирг хилар а хаийтина Солтаев Мансура.
Чаккхенехь, сема хилахьара аьлла, кхайкхам а бина цо: «ТӀеман леррина операци дӀайахьарехь вайн дукха кхиамаш мел бу, украинхойн лерринчу службаша а, малхбузерчу церан дайша а алсамдохур ду вайна дуьхьала долу питанаш«.