
23 махкарчу 51 гӀалара цхьамогӀа компанеш йу Соьлжа-ГӀалин мастер-план хӀотторан конкурсехь дакъалаца лууш.
Оцу компанеша хӀинцале а динарг дакъалацаран 103 дехар ду.
Соьлжа-ГӀалин мэран Кадыров Хас-Мохьмадан а, ДОМ.РФ-н коьртачу директоран гӀовсан Филиппов Денисан а Москвахь хиллачу цхьаьнакхетарехь билгалдаьлла иза.
Цул сов, ДОМ.РФ-с кхочушйечу программашкахь Нохчийн Республикин пачхье дакъалоцуш хиларан агӀонаш а йийцаре цигахь.