Оха хьалха хаам бина ма-хиллара, 2015-чу шарахь – фашизмана тIехь толам баьккхина 70 шо кхочучу шарахь – Ерригроссин «Зеленая Россия» экологин юкъараллин боламо шо доладелчахьана дуьйна а дIахьош ду Ерригроссин «Толаман хьун» проект кхочушъяр. Оцу проектан Iалашо ю 27 миллион тоьллачу хIух долу синтар дIадогIар. Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь воьжначу вайн хIора бIаьхочун сийнна дугIуш ду уьш. И мехала гIуллакх кхочушдарехь дакъалоцуш бу тIеман ветеранаш а, кегийрхой а. «Шу а, шун хьуьнар а диц ца дина» бохучу кхайкхамца кхочушдеш ду и гIуллакх.
Оцу проектан гурашкахь Россин регионашкахула дIакхайкхийна ««Зеленая Россия» экологин юкъараллин боламан «Толаман хьун» леррина проект тоьлла кхочушъяр» аьлла конкурс. Цуьнан Iалашо ю бахархойн Сийлахь-боккхачу Толамца доьзна дерг хаа лаар алсамдаккхар, къоман юкъарчу дIадолорна нах вовшахтохар, бахархойн патриотизм кхиор, Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман дIакхелхинчу дакъалацархойн сий-ларам бар.
Конкурс вовшахтоьхна лакхахь билгалбаьккхинчу «Зеленая Россия» экологин боламо. Цигахь дакъалаца таро ю «Толаман хьун» лерринчу проектехь дакъалаьцначу Россин регионийн. Конкурсехь дакъалацархьама кехаташ чудала деза 2015-чу шеран 15-чу июнера 10-г1а август кхаччалц йолчу хенахь, info@genyborka.ru электронни адресехула. Кехаташ конкурсе дохкуьйтуш хилар а, иштта регионан цIе а билгалъяккха еза. Чудала дезачу кехаташна юкъадогIу:
– дакъалацаран заявка,
– мероприятин (белхийн) сценарий (уьш масех хиллехь, массо а),
– мероприяти дIаяхьаран жамIаш (маса дакъалацархо хилла, маса синтар, муха дIадийна, уьш хьенан сийнна дийна, болх бечу хенахь даьхна суьрташ, видеош, иштта болх дIабахьарх лаьцна шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь зорбане евлла материалаш).
Конкурсан жамIашца жюрис билгалбоху толамхой а, лауреаташ а (1 толамхо, 5 лауреат). «Зеленая Россия» боламан дипломашца а, статуэткашца а совгIат дийр ду толамхошна. Конкурсехь дакъалаьцначарна экологин боламан сертификаташ лур ду. СовгIаташ даларан цхьаьнакхетар 2015-чу шеран ноябрехь-декабрехь дIахьур ду. Конкурс чекхъяьллачул тIаьхьа «Тхуна дагахь ду! Оха дозалла до!» аьлла альбом вовшахтухур ю.
А.ВАХАЕВА
№ 75, шинара, 7 июль, 2015 шо