Р.Кадыров: Суна дуьхьал теракташ кечйеш бу мостагӀий

Украинин а, малхбузерчу мехкийн а леррина службаш шена дуьхьал теракташ кечйеш хилар хаийтина Кадыров Рамзана «Россия 1» телеканалан эфирехь.

«Со дӀаваккхархьама лелош массо а хӀума ду цара. Европера леррина службаш, украинхойн куьйгаш а «бехдеш», суна дуьхьал теракташ кечйеш хиларан хьокъехь хаамаш бу«, — дийцина Нохчийн Республикин Мехк-Дас.

Делахь а, цо билгал ма-даккхара, уьш иэшамехь хир болуш бу муьлххачу хьолехь а.

«Эзарза вийча а къарвалур вац цаьрга со. Толам вайгахь хир болуш бу. Делча а толамехь ду вай, дийна дисахь а вайгахь бу толам. Царна луург хир долуш дац«, — тӀетоьхна Кадыров Рамзана.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: