
Соьлжа-ГӀаларчу «Нохчийчоьнан дог» маьждигехь боккха гулам дӀабаьхьна тахана.
Цигахь дакъалаьцна Ӏеламнаха, йукъараллин боламийн жигархоша, Ӏилманчаша, Ӏедалан белхахоша, маьршачу бахархоша.
Делан а, пачхьалкхан а, йукъараллин а мостагӀий Ислам-динан сийлаллашна тӀекхийдарна дуьхьал хилар дара уьш оцу гуламе схьагулбаларан бахьана а.
«Россихойн йукъаралла йекъар йу малхбузерчу нацистийн Ӏалашо«, — билгалдаьккхира Нохчийн Республикин Муфтис Межиев Салахь-Хьаьжас.
Россехь Ислам-динан мехаллаш ларйаран гӀаролехь лаьттачу Нохчийн Республикин Мехк-Дена Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанна баркалла а элира Муфтис а, гуламан дакъалацархоша а.
Цул сов, Украинин лерринчу службийн дӀадолорца Волгоградехь Сийлахь Къуръан дагор йемалдарал сов, АллахӀан мостагӀашна дуьхьало йе аьлла, дуьне ма-дду болчу бусалбанашка кхайкхам а бира цара.
10 эзар гергга стаг вара оцу гуламехь дакъалоцуш.