Ислам-динан сийлаллаш ларйарна леринчу митингехь 60 эзар гергга стага дакъалаьцна

Сийлахьчу Къуръанна а, Ислам-динан кхийолчу сийлаллашна а АллахӀан мостагӀий тӀекхийдарна дуьхьал митинг дӀайаьхьна тахана Соьлжа-ГӀалахь.

Цигахь дакъалаьцна 60 эзар гергга стага — йукъараллин гӀуллакххоша, Ӏеламнаха, Ӏилманчаша, Ӏедалан белхахоша, политикин партийн а, кегийрхойн боламийн а жигархоша, маьршачу бахархоша.

Цара йемалдина Волгоградехь Сийлахь Къуръан дагор, дӀакхайкхийна Ислам-динан сийлаллаш ларйаран коьртехь Нохчийн Республикин Мехк-Да Кадыров Рамзан а, цунна тӀаьхьахӀоьттина нохчийн халкъ а хилар.

Нохчийн Республикин Йукъараллин палато вовшахтоьхна болх бара иза.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: