
Республикерчу набахтешкахь болчу тутмакхех пайдаоьцур бу тӀеман лерринчу операцехь дакъалоцуш болчу бӀаьхошна барзакъаш а, мотт-гӀайбанаш а тегарехь.
И гӀуллакх дийцаре дина Промышленностан а, энергетикин а министран гӀовсан Бухари Расулан а, ТаӀзар кхочушдаран федеральни гӀуллакхаллин вайн республикехула йолчу Урхаллин хьаькаман гӀовсан Абуев Мохьмадан а хиллачу цхьаьнакхетарехь.
Оцу балхана йукъаозор волуш 25 тутмакх хилар а циггахь билгалдаьлла.
Цаьрга болх байтарал сов, бинччу балхана алапа а лур долуш ду царна.