
Шелан кӀоштарчу этнографин «Шира-КӀотар» кертахь дӀадаьхьна «Нохчийн кхача» проектан рогӀера дарс-цхьаьнакхетар.
Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствоца цхьаьна и мехала проект дӀахьош Соьлжа-ГӀалин мэрин Культурин департамент йу.
ЦӀе «Нохчийн кхача» йелахь а, беккъа цхьа кхачанаш бовзийтина ца Ӏа цуьнан гурашкахь — къоман ламасташ а, гӀиллакхаш а довзуьйту оцу проектан гӀоьнца.
И проект кхочушйарехь жигара дакъалоцучу Юсупхаджиева Азас а, Виситаева Туманис а, «Квант» туьшан дешархоша а нохчийн кхачанаш кечбаран хьокъехь дийцира тахана, хӀора а кхачанах боьзна чулацаме хаамаш бовзийтира.
Цхьаьнакхетарехь дакъалецира Хойн маьждиган имама Галбацов Ӏабдула, «Даймохк» газетан коьртачу редактора Шамсудинов Бувайсара, кхечара.
Соьлжа-ГӀалин мэрин Культурин департаментан векалша билгалдоккху «Нохчийн кхача» проект кхочушйаран 4-гӀа шо хилар.