
ТӀедогӀучу шарахь тойийр йолу йукъараллин майданаш къасторехь уггаре а жигаралла гайтина Нохчийчоьно.
Бахархоша za.gorodsreda.ru портала тӀе кхажтасаран хьалхара жамӀаш а довзуьйтуш, оцу хьокъехь хаам бина Россин гӀишлошйаран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министерствос.
ХӀара бутт чекхбаллалц дӀахьочу оцу кхажтасарехь хӀинцале а дакъалаьцнарг вайн республикера 127 эзар сов вахархо ву.
Цара къастош йу йукъараллин 37 майда.
И майданаш Соьлжа-ГӀалахь а, Устрада-ГӀалахь а, иштта, Гуьмсан, Шелан, Курчалойн, Хьалха-Мартан, ТӀехьа-Мартан кӀошташкахь а йу.