
Украинехь а, шен керлачу 4 регионехь а Россис дӀахьочу тӀеман лерринчу операцин хьашташ кхочушдарехь доккха гӀо-накъосталла деш йу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахлера Йукъараллин фонд.
Нуьцкъаллин структурийн буьйранчашца Кадыров Рамзана дӀайаьхьначу кхеташонехь билгалдаьлла иза.
Нохчийн Республикин Мехк-Дас билгал ма-даккхара, фондо, эца а эцна, СВО-н хьашташна дӀахьажийна 1 014 леррина техника, шайх 145 машен гӀагӀ диллина а йолуш.
Буьйсанна сагаран 344 гӀирс а, 931 квадрокоптер а эцна.
Цул сов, догӀмийн йовхонца адамаш а, дийнаташ а гайтаран 325 гӀирс а, 138 антидрон а, 50 эзар сов барзакъ а дахьийтина.
Иштта, бахьийтина 28 673 зӀенан гӀирс а.