Вайн бахархой ХьаьжцӀа бигарехь кеманашца 15 рейс йан лерина

Карарчу шарахь ХьаьжцӀа 3 эзар стаг гӀур ву вайн махкара.

СаӀудийн Ӏаьрбийчу уьш дӀабигарехь «Соьлжа-ГӀала — Джидда» маршрутехула кеманашца 15 рейс йан лерина.

Цул сов, вайн хьаьжойн тобанашца 15 куьйгалхо а, церан 45 гӀоьнча а хир ву.

Иштта, ХьаьжцӀа бахана вайн махкахой Даймахка цӀаберзоран авиамаршрут а билгалйаьлла: «Мадинат — Соьлжа-ГӀала».

Оцу хьокъехь хаам бина Нохчийн Республикин Муфтиятан векалша.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: