Хьурмат де вай мархин беттан?!

Юкъал тIехбаьлла  Дала вайна Шен къинхетамца совгIат дина баийтина болу беза сийлахь мархийн бутт. Бакъдерг аьлча, бIаьрнегIар тухучу юкъанна санна, чекхболуш хета иза. Кху шарахь уггаре а йовхачу хенахь, уггаре а деха денош юкъа а лоцуш, нисбелла Рамадан. ХIетте а, мацалла, хьогалла башха ца хаайолуьйтуш, Дала дайдина вайна марханаш кхабар. Аьхке хиларе хьаьжча, алсам кхоьлина денош а даьхкира вайна. Мархин беттан хьалхара де гуттар а хаза дара, дукха йовха а йоцуш, къегина малх а боцуш…

 

Дала вайна деллачу ниIматашка хьежа, Цуьнан къинхетаман ойла ян воьлча, баркаллин бIаьрхишца легашка шад хIуттий вуьсу. Хьакъ дуй-те вай оццул болчу Делан безамна, къинхетамна олий, шеконаш кхоллало. Мухха делахь а, вайн Iесалле хьаьжна доцуш, вайца дика ву дуьне а, Iалам а Кхоьллинарг.

МАРХИН БУТТ

Хазахеташ ду, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун омрица Соьлжа-ГIалахь а, иштта республикин кхийолчу шахьаршкахь а, ярташкахь а бахархошка марха дастийтарна лерина даарийн кхерчаш схьабиллина хилар. ГIийла-миска верг, новкъахь виснарг я кхидолчу бахьаница марха даста меттиг я аьтто боцуш верг милла а ван йиш ю цига. Iаларойн-Эвлахь, ЦIоьнтарахь, Курчалойн-Эвлахь, Хьалха-МартантIехь, Шелахь, Аргунехь, Жалкхехь, Гихтахь, Керла-Бенахь, ТIехьа-МартантIехь, иштта кхечанхьа а долчу 14 маьждигехь Рамадан бутт чекхбаллалц марха даста таро ю нехан. Цул сов, Маккахь, Мединатехь, ГIирмехь 50 эзар стагана марха достийла а хуьлуьйту Кадыров Рамзана. Рамадан беттан хьалхарчу дийнахь Соьлжа-ГIалин тоьллачу ресторанашкахь, кафешкахь, самукъадаккхаран туьшашкахь маьхза даарш дара марха долчарна лерина.

Марха долу стаг юучух, молучух юхакхетта ца Iаш, шен мотт, дегI, са  хьарам долчу хIуманех лардан хьожу. Къинойх ларваларца цхьаьна дика гIуллакхашкахь, Iамалшкахь совваларехьа а къахьоьгу бакъволчу бусалба стага. Дала совгIатна яийтинчу езачу хенах хьакъ ма-дду пайдаэцар ду иза. Дала ийманехь совдовлар а, доггах Iибадат дар а лойла вайна, Ша кху езачу хенахь къинхетам бинчарах а дойла вай.

Бакъду, муьлххачу заманахь а, муьлххачу меттехь а санна, марханаш цакхобурш а нисло вайна юкъахь. Цхьаболчара-м могашалла ледара йолуш ца кхобу. Ткъа кхечеран, могашалла «яхьа меттиг йоцуш» хилча а, марха кхабарца бала а ца хуьлу. Шайн марха ца хиларх, нехан марха дуй мукъане а хууш делара царна… Мархин беттан хьурмат ца деш берш дукха хьолахь кегийрхой нисло. Довхачу дийнахь гIалин урамехула я базара юккъехула схьавогIуш хийла го буйнахь шиша долуш, тайп-тайпана маларш муьйлуш жимастаг я йоI. Цхьаберш-м цхьаннах озавалар доцуш, кафеш чохь хевшина, яахIума юуш Iаш хуьлу. Соьлжа-ГIалахь дукха хьеший, туристаш хилар бахьанехь, цхьайолу кафеш, ресторанаш дийнахь а болх беш хуьлу мархийн баттахь. ДIахьаьжча, цу чохь схьагуш наггахь бен кхечу къомах стаг а ца хуьлу. Вай бусалба а, нохчий а хилча, ларъян ца мега вай хIара еза хан?! Хьайн марха дацахь, марха долчу кхиболчу нахах озалохьа цхьажимма… Мархин баттахь арахь яахIума юуш я хи молуш стаг гича, марха дерг цунах хьегар дац дуьйцург. Делан дуьхьа марха кхобург-м ишттачух хьоьгур а вац. Мелхо, «хьажахьа, марх ца кхобуш лела эхь ца хетий», аьлла, ойла кхоллалур ю.

Цхьа а бахьана доцуш, марха цакхабар доккха къа ду Далла хьалха, хIунда аьлча, Цо фарз дина тIедиллина бусалба нахана мархийн бутт кхабар. (ХIай, ийман диллина болу нах! Марха кхабар тIедиллина шуна, шул хьалха хиллачарна тIе ма диллара – Делах кхоьруш шу хилийтархьама… (Къуръан, «Бакъара» сурат, 183-гIа аят). Ткъа шен марха цахилар лечкъа ца деш, нахана юкъахь юуш-молуш лелар – гIиллакх цахилар ду. Мухха дийцича а, хаза дац-кх иза. Хьайн марха дацахь а, нахана хьалха юучух, молучух ларлуш, къамелаца, духарца, леларца (кху баттахь мукъане) оьзда хилча, Делера ял хилар бен кхин хIумма а хир дацара… Кху беттан хьурмат динчарах хилий вай?!..

 

А.МУСАЕВА

 № 75, шинара, 7 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: