
ХӀокху деношкахь Соьлжа-ГӀалахь дӀахьош йу Спортан программироран «Код Мира» дуьненайукъара фестиваль.
Шайн зераш довзийтаран а, программироран декъера хаарш дӀагайтаран а Ӏалашонца 350 гергга стаг ву цигахь дакъалоцуш.
Россин Федерацин регионийн а, Палестинин а, Мисаран а, Оманан а, Кубин а вовшахтоьхначу тобанийн векалш бу уьш.
Оцу фестивалехь Нохчийн Республикин цӀарах дакъалоцуш 4 тоба йу.
«Код Мира» фестивалах IT-индустрин Россин дакъа кхиорна Ӏаткъам хирг хиларх тешаш бу вовшахтохархой.
программирор (ду) — программирование («Нохчийн-оьрсийн, оьрсийн-нохчийн математикин терминийн дошам» / С.Умархаджиев, А.Ахматукаев)