Дудаев Ахьмад а, Чалаев Замид а, кхиберш а, белхан гӀуллакхца, йуха а Донбассехь хилла

Къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министр Дудаев Ахьмад а, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Полицин лерринчу полкан буьйранча Чалаев Замид а, кхиберш а, белхан гӀуллакх а эцна, йуха а Донбассехь хилла.

Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана бина оцу хьокъехь хаам.

Цо билгал ма-даккхара, вайн мехкан векалш цигахь тӀелаьцна Донецкан Халкъан Республикин куьйгалхочун декхарш ханна кхочушдечу Пушилин Дениса.

Цуьнца цхьаьна уьш хилла Нохчийн Республикин Мехк-Ден гӀоьнчин, «АХМАТ» спецназан буьйранчин Алаудинов Аптин штабехь.

Циггахь дӀадаьхьначу цхьаьнакхетарехь йийцаре йина кхидӀа а цхьаьна бан безачу белхан агӀонаш, керланаш, хийцамаш, и.д.кх.а.

Кадыров Рамзана ма-хаийттара, царах хӀора жигаралла гойтуш ву украинхойн нацисташца а, НАТО-н зуламхошна а тӀехь толам баккхаран декъехь.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: