Нохчийчоьнан векалша толам баьккхина Спортан программироран дуьненайукъарчу фестивалехь

ХӀокху деношкахь Соьлжа-ГӀалахь дӀайаьхьна Спортан программироран «Код Мира» дуьненайукъара фестиваль.

Шайн зераш довзийтаран а, программироран декъера хаарш дӀагайтаран а Ӏалашонца 350 гергга стаг вара цигахь дакъалоцуш.

Россин Федерацин регионийн а, иштта, Палестинин а, Мисаран а, Оманан а, Кубин а, Беларусан а, Эрмалойчоьнан а, Малин а, Узбекистанан а, Таджикистанан а, Казахстанан а, Къилбенан ХӀирийчоьнан а вовшахтоьхначу тобанийн векалш бара уьш.

Оцу фестивалехь Нохчийн Республикин цӀарах дакъалоцуш 4 тоба йара.

Царах 1 тобано, 128 балл а йоккхуш, «Продуктовое программирование» декъехь толам баьккхина — Соьлжа-ГӀалин пачхьалкхан мехкадаьттан техникин университетан тоба йу иза.

Вайн мехкан пачхьенехь дӀайаьхьначу оцу фестивалах IT-индустрин Россин дакъа кхиорна Ӏаткъам хирг хиларх тешна бу вовшахтохархой.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: